Читать онлайн полностью бесплатно Вахит Хаджимурадов - Болатан Зараъ. Повесть

Болатан Зараъ. Повесть

«Болатан Зараъ» ц1е йолу повестан барамехь произведени йазйина 2005 шарахь. Произведени лерина йу ХIХ б1ешарахь Нохчийнчохь хиллачу къийсамна. Ломанан йуьртара нохчийн 300 б1е динбере новкъа волу, аренгарчу йарташна т1елеташ паччахьан 1едалан эскар ду, аьлла хезина.

© Вахит Хаджимурадов, 2023


ISBN 978-5-0059-7030-5

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

Болатан Зараъ

(Цхьана классехь дешначу йо1ана Зараъина)


Нохчийн лаьмнашкахь, кхин йолчу яртех б1арге къастаяллал башхалла а йолуш, ца къастаяллал кхечу яртех тера а йолуш, цхьа юрт 1уьллура хьаннех доьтинчу арцашна, лаьмнашна юккъехь шен ц1е Селайд а йолуш. Оцу юьртахь вехаш-1аш вара, массара юьртахь лоруш, лаьмнашкахь массо а ярташкахь вевзаш а волуш, цхьа воккха стаг, Болат шен ц1е а йолуш. Болатан дас нийса хаьржина хиллера шен к1антана ц1е. Х1унда аьлча, иза жима стаг волуш дуьйна вара болат санна ч1ог1а дог-амал йолуш а, т1амехь мостаг1чунах тасалучу хенахь уггаре а ницкъаллачарех цхьаъ а. Къона волушехь шен хьекъалца а г1араваьлла, вара и, т1ом болучу хенахь нохчийн т1емлойн баьчча хаьржина хилла а. Шен дахарехь дуккха а халонаш т1е1ийтаеллера воккхачу стагна Болатна, амма уггаре а халаниг дара цуьнан х1усамехь доьзалхойх цхьа йо1, Зараъ, бен ца хилар. Цунна ч1ог1а лиънера шен цхьаъ мукъна а к1ант хилийта, амма доцург паччахьна а эшна олу-кх.

Нахана ца гуш делахь а, шен даима к1антах хьоьгуш волчу Болатас, Зараъна жима йолуш дуьйна 1ама динера цхьадолу к1ентийн хьуьнарш. Зараъас мажаран топ а кхуссура ч1ог1а нийса, шаьлта, тур а хьовзадора йо1а муьлхха а говза т1емало шен говзаллех хьоьгура волуш. Болат-м, шен дагахь цунах къайле а йина латтош вара, амма цхьана юьртахь 1аш болчу нахана ца хууш х1ун хира ду? Дера ду к1езиг х1ума-м, делахь а шаьш Болат ч1ог1а лоруш хиларна баккхийчара а, кегийрачара и шайна хууш дериг говза къайла доккхура.

Болатан йо1 ю аьлла доцуш, Зараъ ша а яра лула-кулахь а, дехьа-сехьа юьртахь а г1араяьлла шен г1иллакх леладан хаарца а, хьекъал алсама долуш хиларца а. Амма массарна, жимчунна а, воккхачунна а Зараигахь товш хетарг, иза цуьнан хазалла яра. 1уьйренца схьакхетта малх санна елаелла-екхна а, дог ц1ена амал йолуш а яра и. Ткъа хазалла ю массо а хенахь шена ца лаахь а, адмашна юккъе мелла а хьаг1 кхуллуша, къовсам юккъе тосуш а.

Сийначу байт1ехь даьлла Пет1амат-зезаг санна дуткъа дег1, куц-кеп долчу Зараига хьоьжуш а, къайла-къулах делахь а, деррехь делахь а, захалонаш хьехадеш а безамаш кхийдабеш а дуккха а кегийра нах бара. Юьртана йист лоцуш, цхьанхьа т1аьхьадисарна кхоьруш санна, ч1ог1а сиха дог1уш самукъане сирла тулг1е йолуш хи дара. Юрт лакха т1ехь а йолуш лахахь хьадда доьдучу цу ломан хина йисттехь ялсаманен суртаца дуста мегара долуш хаза дара. Гобаьккхина т1еяьлла буц йоьттина бес-бесара зезагаш, дуькъа гаьннаш долу, заза даьккхина хазаделла дитташ. Юьртара мехкарийн сирла, самукъане тобанаш хуьлура дашо малх суьйренга г1оьртича ц1еста к1удалш а карахь хина т1ейог1уш. Хьуьна юккъехь сиха ког болу лу хааделла лом санна, мехкаршна тебаш-м хуьлура оьздачу к1ентийн тобанаш а. Ломана басахь зезагаш санна хаза, куц-кеп долуш дуккха а бара мехкарий цу ломана юьртахь. Х1ора йоь1ан, шена генара гушшехь, б1аьрг серлаболуш а, аз ловза доккхуш а кегийра нах а бара. Зараъ цхьаъ яра акха басахь даьлла зезаг санна массо а дуьненах самукъадаьлла. Цуьнан жимчу даго х1инца а ца бинера шен кхолламан харжам. Цуьнан хьажар, елаялар б1аьргашца лаца г1ерташ, я шайн ира б1аьргашца цунна буру хьийзош, ойланаш дег1ах хьерчош к1езига-м бацара к1ентий. Йоь1ан жима дог дара-кх х1инца а самадаланза. Х1ора суьйрана к1ентийн тобана юккъера хьалха аьтто баьлларг-м г1уртура цуьнан дог эца, цуьнан ойла шегахьа хьовзон.

Тахана йо1аца къамеле валан аьтто баьллера юьртана лакхахьа шайн долахь к1отар а йолуш, накхармозий санна дукха шайн жа-уьстаг1ий а долуш волчу Махьмудан к1ентан Къудузан. Къайладахийта йиш яц, цо цхьа де хьалха Зараин доттаг1ий-зудаберашна цхьацца совг1аташ дина хилар, шен йо1аца къамел дан аьтто боккхург. Зараин шен пурбанца иза аьтто зудабераша хазахетарца баьккхира Къудузан, совг1ател совнаха оцу къамелах шайн мелла а самукъадаккха а дьухьала бацара забарен мехкарий-м. Уьш цхьа цуьриг а г1алат а ца бевллера оцунна т1ехь.

Мелла а хьаьвзинуо мара а болуш, алсама хьаьвзина амалш а йолуш, 1аьржуо аматехь а волу Къудуз къамел доцца дийцан лууш вара. Цуьнан шабериг безам стоммачу сизаца шен ден эзар уьстаг1ашна юккъехула чекхболуш хетара. Уьстаг1ий-м цхьа б1е бен ца хила а тарлора, амма къамел-м дара мел к1езиг а цхьана эзар уьстаг1ан барамехь:

– Кхин болу бахам ца бийцича а, цхьа эзар уьстаг1 оцу хьан когашна буха кхосса йиш йолуш ву-кх со таханлерчу х1окху исбаьхьчу суьйрана, – шен ма-хуьллу йоь1ан дог оьцуш там бан г1ертара Къудуз, ма хуьллу йо1ана юххе а те1аш, шен к1ора санна 1аржачу ц1оц1къамашна бухара буьрса б1аьргаш а къерзош.

– Суна-м шун ирзонехь мел дукха а цхьа б1е уьстаг1 бен кхабалура бац, бохуш дуьйцуш хабарш ма хезина, – эккхийтира 1айшат ц1е йолчу жимчу дег1ехь, эхь доцуш ю аьлла шен ц1е д1аяхна йолчу Зараъин накъоста.

– Х1ун! Муха бохура ахьа? – шен сихачу б1аьргашка лахийтира цо, шен дашна юккъе иккхина йо1.

1айшат-м шен зарзаранчух тера долу жима аз декадеш елалуш, зудберашна т1ехьа д1алечкъира.

– Иза-м тхуна а ма хезина, – 1айшатна орцаха бевлира кхинарш а мехкарий.

Амма Къудузан сиха карадира алан дешнаш:



Другие книги автора Вахит Хаджимурадов
Ваши рекомендации