Читать онлайн полностью бесплатно Хьусайн Шовхалов - Ламазан догIа

Ламазан догIа

Х1ара жайна х1ора бусалба стагна а, йо1на а оьшу жайнан ду. Х1ора х1усамехь хила дезаш жайна ду х1ара. Х1ора бусалба к1антан а, йо1ан а хаа деза Iилма ду кху жайни чохь.

© Хьусайн Шовхалов, 2023


ISBN 978-5-0060-9478-9

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

ЛАМАЗАН ДОГIА

ДЕШХЬАЛХЕ

БиссмиллахIиррохьманиррохьийм. Хастам бу АллахIана Iаламаш кхиош-кхобуш волчу. АллахIера салават а, салам а хуьлда АллахIан Элчана Мухьаммадна а, цуьнан гергарчарна а, берриге асхьабашна а. Цул тIаьхьа:

Лараме бусалба ваша, йиша! Уггар хьалха Дала вайна т1едиллина декхар – иза Ша цхьаъ вар, Шеца кхин дела воцуш, Мухьаммад Делан лай а, Элча а хиларх тешар ду. Иза коьрта бух бу стеган бусалбаллин. Цул тIаьхьа Iамал ян еза бусалбачу стага. Ткъа бусалбачу стага уггар хьалха ян еза Iамал – ламаз ду. Ислам динан баххьех шолгIа бух бу иза. Iумар бин ХаттIабан кIант IабдуллахIа {Дела реза хуьлда цушинна аьлла}: «Суна хезира АллахIан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} олуш: «Ислам пхеа (бух) тIе доьгIна: «ШахIадат – АллахI воцург кхин дела вац, Мухьаммад Аллах1ан Элча ву. Ламаз дIахоттадар. Закат далар. Хьаж дар. Рамаданан марха (кхабар)» [1].


Цундела, ламаз Ислам динан шолгIа коьрта бух бу. Жимчохь дуьйна Ламаз чIогIа лардан дезаш ду бусалбачу стага. Амма ламаз дале хьалха дуккха а хIуманаш ду ламазна кечам беш кхочушдан дезаш. Ламаз дийриг уьш девзаш вацахь, гIалаташ хир ду, тIаккха цуьнан ламаз нийса хир дац. Цундела и уьш довзар чIогIа коьрте ду бусалбачу стагана.


Х1ора хIуманан шен хьалхе а хуьлу, чаккхе а хуьлу. ХIора хIуманан шен догIа а ду. Ткъа «ламазан догIа» хIун догIа ду хаьий хьуна, лараме ваша, йиша? Иза Делан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} билгалдина вайна. Делан Элчо {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} аьлла: «Ламазан до'гIа – цIеналла ю, цуьнан дIадехкар – такбир ду, цуьнан чекхдалар – салам далар ду» [2].


Ламаз дале ламазан цIанвелла хила веза бусалба стаг. Ламазна ян еза цIеналла йина хила веза. ЦIеналла ламазан догIа хиларе терра, цу цIеналлин Iилма а довза деза бусалбачу стагана. Шеца цIеналла а йоцуш ламаз дан магийна дац цхьанна а. ЦIеналлина юкъадогIу ламаз дийриг ламаз эцна хилар, лийча тIехь делахь лийчина хилар, нажасах цIена хилар, иштта кхидерг а. Цундела Веза Сийлахьчу Дала ламаз дале хьалха ламаз эца аьлла бусалбачу нахе. Сийлахь Везачу Дала боху Къуръан чохь: {ХIай ийман диллинарш! Шаьш ламазна дIахIуьттуш, шайн яххьаш йила, куьйгаш а дила голашка кхаччалц, шайн коьртах (хица тIадийна шина куьйган пIелгаш) хьакха, когаш била хьорканашка кхаччалц}.


Кху аятехь Веза Сийлахьчу Дала билгалдо бусалба стаг ламазна дIахIоттале ламаз эцна хила везаш хилар, ламаз муха эца деза а. Ткъа Делан Элчано {АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна} ламаз оьцуш лело деза хIуманаш а билгалдина кху аятехь хьахийна доцу.


Лараме сан ваша, йиша! Ламаз эца а, дегIах хи кхарза а хи оьший? Муьлха хи мега, муьлханиг ца мега хаа оьший? Хи схьаэца а, чу дотта а пхегIа оьший? Муьлха пхегIа лело мега ламаз оьцуш хаа оьший? Ламаз эцале хьалха цIано муха ян еза хаа дезий? Ламаз дан лууг нажасах цIена хила везий, ткъа нажас хIун ю хаа ца деза? Бага цIанъян езий, и стенца цIанйо хаа дезий? ТIаккха сивак хIун ю хаа дезий? Адамана шен дегIа тIера чо баккха, мIара яккха, кхийолу меженаш а цIена хуьлуьйту хIуманаш хаа дезий? Ламаз муха эца деза, цуьнан фарзаш, суннаташ хаа дезий? Ламаз карара долу а, ца долу а бахьанаш хаа дезий? Муьлхачу хIуман ламаз карахь хила деза, муьлхачу хIуман ламаз карахь хила ца деза хаа дези? Зудчунна ша ламазна юкъараяьлча шена хьарам дерг а, мегаш дерг а хаа дезий? Ша ламазна юкъараяларца доьзна дерг хаа дезий цунна? Зудчо доьзал вича шена хьолехь хьарам дерг а, мегаш дерг а хаа дезий цунна? Фарз лийчарш, суннат лийчарш довза дезий? Лийчаран фарз а, суннат а хаа дезий? Хи ца хилча, тема дарх лаьцна довза дезий? Маьхьсешна тIе масхьу муха дан деза хаа дезий? Кхин а дуккха а хIуманаш хаа деза цунна.


Ахь эр ду: «Дера деза иза дерриг довза». Иза бакъ ду. Иза а, кхин дуккаха а х1ума девзар ду хьуна кху жайни т1ехь Дала мукъ лахь. Х1орш дерриш ц1еналлина юкъадог1ш ду. Цундела ду иза «ламазан дог1а», х1унда аьлча, ламаз дан лууш верг ша хила веззачу ц1еналлехь вацахь, цуьнан ламаз нийса ма ца хуьлу. Цундела ду х1ара 1илма бусалба вешина а, йишина а ч1ог1а коьрте.


Амма ц1еналлин 1илма девзаш воцучуьнгара дуккха г1алаташ хуьлу, ламазан эшам хир болуш я ламаз хира а доцуш, нагахь санна цо иза нийсачу ц1еналлица дина дацахь. Цундела ду х1ара ц1еналлийн дакъа вайна ч1ог1а коьрте.


Ц1еналлин хьокъехь дуккха а г1алаташ дуьйлу адамера. Иза царна х1ара 1илма ца довзара ду. Шайн лаамца ца дуьйлуьйту цара и г1алаташ, шайна ца хаарна дуьйлу, делахь а шайна оьшург 1амадар т1ера ца долу царна. Я хуучуьнга хаьттина а, я хьехаме ладоьг1на а, я жайна дешна а 1амадар т1ехь ду царна. Цундела, уггаре хьалха х1ара жайна яздар бахьан, вайга вешан ламазца дерг нийса хилийтархьам яздина. Вайгара лега г1алаташ аш д1адахархьам. Лекха-Сийлахь волу Дела вайна реза хилийтархьам. Х1ара жайна яздар бахьна, сайна гара нахаца дукха г1алаташ церан ламаз эцарца, ламаз дарца, царна дуккху х1ума ца хаарца царна хаадезачух.


Цундела, лараме ваша, йиша! Лерина дешалахь х1ара жайна, кхета г1ерташ, х1окхо дуьйцург хьайца хилийта г1ерташ. Амма хьо ца кхеттарг, я хьан кхолделла хаттар хьоьга хаттийта, кху жайни т1ехь соьгара даьлла г1алат суна довзийта хьуна сайн номер а юьту аса жайнан чаккхенгахь. Дела реза хийла массарна!



Другие книги автора Хьусайн Шовхалов
Ваши рекомендации