1998 шарахь цхьан дийнахь тхан нана Асет ойла юккъе яхна ц1аеара. Цо соьга элира:
«Ойла юккъехь цхьа зуда кхеттера суна маьждиг чуьра ара йолуш. Цуьнца къамел хилира сан. Иза ойла юккъахь долу юьртан-маьждиг чохь йолу хьуьжарехь берашна къуръан хьоьхуш хиллера. Цунан ц1е Пет1мат ю. Аса цуьнга хьо къуръан 1амада воуьйтур ву элира. Хьо иза йолчу юьртан-маьждиге хьуьжаре къуръан 1амада лела веза».
Иштта тхан нанас къуръан 1амада д1авелира со Пет1матиг. Сан итт шо дара. Цу хена суна дагахь дацара къуръан 1амада ваха. Амма тхан ненан беркат хьалха даьлла, цунна шен доьзал къуръан т1ехь кхиа лаарна, цо хьуьжаре араваьккхира со къуръан 1амада. Нана, ткъе цхьаъ шо хьалха ахь суна дина дика хьуна юха деара, Пет1матиг ахь суна 1амадайтина къуръан аса хьуна хьийхира ши шо хьалха. Цулт1ехь дуьйна иза доьшуш кху дийне схьеъна хьо 56-зза чекх а доккхуш. Хьайн хене, йоккхале ца хьоьжуш 1амийра ахь иза. Хьан бериге доьзале а 1амадайтира ахь къуръан деша. Баккъаллаъ, Делан къуръан дезначарех хилла хьо.
Пет1аматас къуръан 1амадира суна. 1аьрби маттахь язъя а 1амадира. Делан Элчани (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) нохчийн матте даьхна хьадийсаш а 1амадира. Дуккху пайде хьехарш а ийцира цуьнгара. Дукха бераш дара цуьнца къуръан 1амош. П1ерскан де доцург, х1ора дийнахь йиъ урок лора цо, х1ора урок шина сохьтехь луш. Хенан йоккха стаг яра иза, луш алап дацара цунна, берашгара я церан ц1ерачаьргара х1умма йоккхуш а яцара. Делахьаъ, и дериге тергал ца деш, Делан дуьхьа къуръан хьоьхура цо тхуна.
Тахана Пет1мат яц Дала къинхетам бойла цунах, амма цуьнан метта хиттина цуьнан мут1еламаш бу, цо хьехна къуръан хинцаъ хьоьхуш ду цуьнан мут1еламаш шеш 1амочу берашна. Цо хьехначу хьуьжар чохь цо 1амийна, къуръан т1ехь кхиийна бераш ду х1инца кхечарна хьоьхуш. Таханаъ Пет1амати беркат д1ахаьдда дац юьртан ох1лух. Ма говза хьоьхура ахь берашна. Уьш 1еха деш, х1оранца юкъа меттиг лохуш. Ма гена ойла йина хилла ахь айха хьоьхуш. Цундела, таханаъ ахь хьехна къуръан хьан мут1еламаш хьохуш ду. Къад ялар, хало хилар, бераш дог эт1а дар, хьарца лелар, и дериге хьо йоккха стаг йолушехь ла ловш, царех самукъа долуш, Делан дуьхьа Делан къуръан хьийхира ахь. Дала диканца бекхам бойла хьуна ахь Ше къуръан хьехарн.
Иштта со кхиинчул т1ехь со 1илм 1амо вахийтина, суна цу т1ехь г1о диначу тхай нена вашан Хьусайнан а совг1ат до аса х1ара жайна. Бусулба дина т1ехь ахь само ца яйтинехьара, 1илма деша ца вахийтинехьара, цу т1ехь г1о а ца динехьара, жималлехь айса 1амийна къуръан гуттар диц делла хила мегар суна. Амма ахь иза дериге дар бахьана долуш, къуръан кхиъ дика 1амо а, довза а, карла даккха а, цуьнан къайленаш йовза а аьтто хилира сан. Аллах1о диканца бекхам бойла хьуна!
Цундела, х1ара жайна сайн беркатечу ненан Асетин а, сайн хьалхарчу ларамечу къуръанан-хьехархон Пет1матин а, сайн нена вешин Хьусайнин а совг1ат до аса. Дала х1ар жайна шун дикачу 1амалшах дойла. Кхуьнан ял шун дикачу 1амалех хуьлийтийла. Шу ца хиллехьара къуръан 1амина хира дацара аса.
Дела реза хуьлда шуна массарна!
Бисмиллах1иррохьманиррохьийм
Хастам бу Аллах1ана вайна Къуръан деллачу. Цуьнца вайн дахар серладаьккхинчу. Цуьнца вайна ирс деллачу. Цуьнца дуьне а, эхарт а вайна довзийтинчу. Цуьнца вайх къинхетам биначу.
Делера салават а, салам а хуьлда Цуьнан Элчана Мухьаммадна а, цуьнан ох1луна а, асхьабашна а, церан некъа т1ехь волчу массо бусалбана а къемат де даллалц.
Лараме бусалба нах!
Бусалба доцу дерриге халкъаш вайх хьоьгуш ду, вайгахь долчу ни1матах. Иза шайгахь цахиларна вайца хьаг1 йолуш а бу. И ни1мат Сийлахь-деза Делан Къуръан ду.
Дала иза делла Шеца ийман диллинчу наханна. Вай ду-кх уьш. Вай Аллах1аца ийман диллина бусалбанаш ду.
Лараме бусалба стаг! Къуръан дешарна йоккха ял ю, еза 1амал ю иза, сийлахь х1ума ду. Дала Шен Къуръан деша аьлла вайга. Иза дешаран дозалла билгал а дина вайна. Делахьаъ, тахана вай Къуръан дешар т1ехь г1ийла ду. Вайха дукхахболучарна Къуръан деша ца хаа, ткъа иза г1алат ду. Цундела, Къуръан дешаран а, иза 1аморан а яьл а, дозалла а билгалла деш яздина аса х1ара жайна.
Х1унда аьлча нахана ца хаьа шаьш Къуръан дешча шайна мел яьл хуьлу, ткъа хаахьара цара иза доьшур дара. Цундела, хьуна г1оьнна ду х1ара жайна, х1ай бусалба ваша, йиша. Хьайна Къуръан дешча мел ял хуьлу хиъча, хьо иза дешар т1ехь кхин а сутара хир вуй хаьа суна. Х1унда аьлча, бусалбачу стеган куьцах ду йоккха ял хуьлу 1амал шена хиъча сихонца иза яр. Ткъа хьо бусалба ма ву, цундела хьоьца и куц дуй а, ахь Къуръан т1ехь къахьоьгур дуй а хаьа суна. Дала мукълахь!
Шовхал Сайд-Селиман Хьусайн
14/01/2020
Къуръан Аллах1ан къамел ду. Ткъа Аллах1ан къамел уггаре деза а, дика а, хаза а, маттана мерза а ду. Делан Къуръан доьшуш хилча Делера йоккха ял хуьлу. Иза доьшуш волчо хьоьгуш долчу къинал дукха а хуьлуш.
Делан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) аьлла:
<<Аллах1ан жайни1 чуьра хьарф ешначунна цхьа мела хуьлу, ткъа и мела итт мела санна бу2>>.
Кху хьадисехь Делан элчано (Делера салават а, салам а хуьлда цунна) билгалдо вайна: